НОХЧИЙН, ОЬРСИЙН МЕТТИЙН ЙИЛЛИНА
4-ЧУ КЛАССЕХЬ.
УРОКАН ТЕМА:
«ПРЕДЛОГ. ДЕШТ1АЬХЬЕ»
________________________________________________________
Урокан чулацам: Предлог. Дешт1аьхье.
/русский язык, чеченский язык/
1алашо:дешархойн дешт1аьхьенах а, предлогах а долу хаарш
т1еч1аг1дар;
церан цхьатера а, къаьсташ а йолу аг1онаш гучуяхар;
г1алаташ талла, ойла ян, гочдан 1амор;
кхетош-кхиор.
Урок д1аяхьар.
I. Хьехархочун дош.
Таханлерчу урокехь вай оьрсийн а, нохчийн а меттанийн грамматикехь дешт1аьхьенан башхаллаш а, нийсаяздаран бакъонаш а билгалйохур ю…
1.Уьн т1ера предложенеш д1аязье.
Билгалъяха дешт1аьхьенаш.
Залпаан карара лента хи чу дуьйжира.
Юьрта йистехула охьадоьдуш долу хи гуьйранна, жимделла чудуьйжира.
Гочйийр ю вай х1ара предложенеш оьрсийн матте:
Лента из рук Залпы упала в воду.
Речка, протекавшая около села, осенью обмелела.
II. Карладаккхар.
-Ткъа х1инца дагалоцур ду вай стенах олу нохчийн маттахь дешт1аьхье:
Дешт1аьхье – иза г1уллакхан къамелан дакъа ду, цо лач дожарехь долчу ц1ердешан а, цуьнан маь1нехь лелачу дешан а кхечу дашца йолу юкъаметтиг гойту.
-Ткъа оьрсийн маттахь предлог стенах олу?
Предлог - это служебная часть речи, которая выражает зависимость существительного, числительного и местоимения от других слов в словосочетании, а значит, и в предложении.
- Башхалла юй царна юкъахь? /Яц/
-Кхин цхьа х1ума билгалдоккхур вай: предлоган а, дешт1аьхьенан а меттиг.
Нохчийн маттахь дешт1аьхьенаш шаьшца уьйр йолчу дешнашна …..
/т1аьхьа лела/
Оьрсийн маттахь предлогаш шайн уьйр йолчу дешнашна хьалха лаьтта,цундела аьлла царах предлогаш (пред бохург - хьалха)
Дешт1аьхье боху дош оьрсийн матте даьккхича послелог бохург ду
/ после- т1аьхьа/, амма предлогаша а, дешт1аьхьенаша а деш долу г1уллакх цхьаъ ду.
-Башхалла х1ун ю? /Хьалха, т1аьхьа х1оттар/.
III. Уьн т1ехь болх байтар. /гочдарца/
Дешт1аьхьенаш: Предлогаш:
чу в, внутрь
ара вне,наружу
т1е на
к1ел под
хьалха впереди
т1ехьа позади /за/
т1аьхьа после /за/
- Х1инца предложенеш х1иттор ю вай, д1аяздинчу дешнех пайда а оьцуш.
Масала: Дитташна к1ел 1охкура макхделла г1аш.
Под деревьями лежали поблекшие листья.
Тхов т1ера охьавоьссира Мохьмад.
Магомед слез с крыши…..
- Муха язйо дешт1аьхьенаш дешнашца? /къаьстина/
- Муха язйо предлогаш? /къаьстина/
- Стенах къасто хаа деза дешт1аьхьенаш? /дешхьалхенех/
/Нохчийн маттахь цхьайолу дешт1аьхьенаш а, дешхьалхенаш а цхьатера ю. Уьш вовшех къасто хаа деза. Уьш вайга къасталур ю предложенехь церан уьйр муьлхачу дашца ю хьаьжча, масала: хи чудоьжна, кор д1адиллира…/
III.Сада1аран миноташ
IV. Зуьйш хаттарш:
-Изменяются ли предлоги по падежам? /Нет/
- Ткъа дешт1аьхьенаш хийцалой дожаршца? /Хийцало/: чу,чуьра,чухула,чоьхьа,чоьхьара,чоьхьахула; т1е, т1ера, т1ехула, т1ехьа..; к1ел, к1елара, к1елхула,к1елхьа../…..
V I. Урокан жам1.
- Х1ун керланиг хии шуна тахана урокехь?
- Шина а маттахь дуьйцуш дика дарий?...
Д1аязде шайн тетрадаш т1е:
Шен ненан мотт бийцар сийлахь ду.
Кхечу къаьмнийн мотт хаар а сийлахь ду.
/Халкъан хьекъалера/
………………………………
Ц1ахь: язъе шайна евзаш йолу дешт1аьхьенаш, оьрсийн матте гочъе уьш.
Дешархоша урокехь бинчу белхан мах хадор.